Оьзда г1иллакх

Дедай баьхна,лелош оьзда г1иллакх
Вовшийн даим лоруш, дола деш.
Динан мехха нохчийн 1адат хилла-кх,
Кхиош ц1ена,маьрша синойн беш.

Х1инца адам даьлла вовшийн  хийра,
"Ларам" бохург тергал а ца до.
Синна-деза хилларг,хилларг- сийлахь
Къоначарна  цхьа  мехаза го.

Баккхийчеран сийдеш,уьш ца г1овтту,
Я кегийчийн  пусар а ца  до.
Могуш-парг1ат хатта  а ца хотту,
Г1иллакхехь а шира 1адат го.


Рецензии
Дикачу кепехь язйина ю байт, чулацам бу к1орге ойла йойтуш.
Дала аьтто бойла хьан Пет1имат.
Ларамца,

Марти Тамия   24.06.2013 01:28     Заявить о нарушении
Дела реза хьуна а хуьлда, Тамия.
Хьан аз ма д1атийна,тийналлех
а ийна).

Петимат Абубакарова   25.06.2013 10:09   Заявить о нарушении
хьан аз д1атийна
тийналлех ийна..
- и ма хаза эли ахьа)
йог1уш хир ю со Дала мукълахь)

Марти Тамия   28.06.2013 01:52   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 3 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.