Нохчийчоь г1аьтти
Евзаш дуьненна,
Го ела елла!
Заманах йоьлла,
1илманехь тоьлла,
И йола елла!
Майданаш яьхна,
Бос тайна,аьхна
Зезагаш къиега.
Маьлхан нур мелла,
1алам денделла,
Мукъамаш дека.
Мог1арехь лаьтта
Сакъона дитташ,
Урамаш ц1индеш.
Дай баьхна Латта,
Нохчийчоь,г1аьтти,
Г1иллакххан сийдеш!
Свидетельство о публикации №113040800209