Х1ай Дуьне, адамийн юкъара Латта

Х1ай Дуьне,адамийн юкъара Латта,
 Хьийза хьо хаддаза аналлин гуонехь,
 Зуръят хьан дег1а т1ехь дебаш мА лаьтта,
 Цуо-м к1еззиг къастадо дикадерг вуонех.
 Х1ай Дуьне-Латта , тхан юкъара Даймохк,
 Беркате хьан ни1мат кхачош ма лаьтта...
 Даьржийла-кх хьан хьаьттахь Иманан к1айн дохк,
 Эхарте боьду некъ хуьлуьйтуш атта.


Рецензии
Даьржийла хьан кхерчахь иманан к1айн дохк,
Эхарте боьду некъ хуьлуьйтуш атта.
xaz bajt, k"orge deshnash
barkalla, Petimat

Дашо Аргунская   13.01.2013 15:06     Заявить о нарушении
Дашо,марша йог1ийла,Дела реза хуьлда хьуна хьошалг1а ярна.

Петимат Абубакарова   18.01.2013 00:15   Заявить о нарушении