1аьнан самукъа
Каде хьийзаш, 1ена дайн,
Кегийчара кхаьънаш доху:
«Арахь дуьххьара ло дог1у!»
Марша да хьо ,Сирла 1а,
1алам даьккхи карла ахь.
Бераш уьду,даккхийдеш,
Дуьххьара ло къобалдеш,
Церан дегнаш деладелла:
Салазан мур болабелла.
Декъал хуьлда ,керла ло,
Берийн хьох сакъерало!
Вахас бетта шийла мохь
Лере оьхьуш , ц1ийза мох,
Хьасан водий,вужу лайла,
Лайнчимашца ловзу Лайла.
Марша да хьо,Нана-1а,
Деза хьо массарна а!
Зимняя радость
Из серебряных ниток снежинки,
В сильном вихре кружася, ложатся,
Детвора кричит в округе:
"Вот и первый снег да вьюга!"
Здравствуй,светлая Зима,
Обновилась вновь природа!
Свидетельство о публикации №113010704689
Ларамца
Марти Тамия 13.01.2013 21:46 Заявить о нарушении
Лерамца,
Петимат Абубакарова 17.01.2013 23:53 Заявить о нарушении