Гуьйре
Дог1анца йойъуш,
Дашо шен т1емаш
1аламехь ойъуш
Бос сирла гуьйре
еъна схьах1оьтти!
Механ дин хоьхкуш,
г1а-патарш 1енош
Дацделла денош,
сихдина лоьхкуш
Бос мокха гуьйре,
чехка схьакхечи.
Дахкарла хьерчош,
1уьйренаш шелъеш,
дерзанца чехчош
бецийн самалдеш,
Бос шийла гуьйре
Г1ийла т1екхечи.
муттане стоьмаш
бешара гулдеш,
чоме хасстоьмаш
йочанах хьулдеш
Бос токхе гуьйре
еъна схьакхечи.
Свидетельство о публикации №112102008193
Дашо Аргунская 11.01.2013 11:03 Заявить о нарушении
Лерамца
Петимат Абубакарова 18.01.2013 00:19 Заявить о нарушении