Лиега
Цхьа къена цхьалха дитт лиега…
Байн мохо хедадеш , лаьтта
Шабаршца дашо г1аш лега.
Юх-юха ч1аг1луш мох терса…
Дуткъалой ирло сан лерса..
Ойлано-м цхьа хаттарш литти
Мукъаме дирзинчу дитте:
Мел зама ю те хьо деха,
Къаьстина ненах, я деха?
Цхьанне ца хилла догдахар?
Цунна ду те г1ийла дахар?
Э,маржа боьра дитт лега,
Ма дехьа кхин д1а хьо дега,
Хьо-м лаьтта кора к1ел цхьалха…
Хьуо даьлла диснарг а цхьалха!
Свидетельство о публикации №112100606220
Perevod ne peredaet krasotu oborotov na rodnom.
Ponravilos'.
Дашо Аргунская 12.01.2013 00:57 Заявить о нарушении
Ма дика ду,ахь хьайна хетарг яздина.
Лерамца
Петимат Абубакарова 18.01.2013 00:16 Заявить о нарушении