Буьйса т1ейеа партала..

Буьйса тIейеа партала,
Iаьржачу цицигах кIеда.
Сибат буьзначу беттан,
Цеце схьа хьоьжуш  хета.

Садарчийн шабар геннахь,
Серлоне лаьдоьгIча хеза.
Мархаша IиндагIца гонах,
Машанаш баттана тесна.

Чекх са гун тийналла ека,
Ша-шен йилбазмохь хаззал.
Тховса жовхIарах къега,
Ленйоцу аналлин хазна.


Рецензии
Тамия,хазахетарца йийши ас хьан байташ,хьо а ю нохчийн маттахь язъеш,иза дозалла ду.Хаза ю хьан байташ,шатайпана ду васташ а," 1аьржачу цицигех тебна к1еда т1ейог1у буьйса" -яьржина метафора ч1ог1а дагах кхийти.
Дала аьтто бойла хьан.
Йола со йолчу а хьошалг1а)))

Петимат Абубакарова   11.01.2013 01:27     Заявить о нарушении
Петимат, Дела реза хуьлда хьуна, хьошалг1а ярна а, байташ ешарна а, хазахити суна хьо кхучохь гина)
Ларамца Тамия.

Марти Тамия   13.01.2013 21:35   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.