Абубакаран Хасмохьмадан Зайндин назманашкара
1957-чу шарахь Казахстанера ,Кушмурун шахьарера ц1адирзича,чохь лампанаш а яцара,я телевизорш а.
Ненан нанна Хьулиматна а,ненан вешин 1елина а хазахетара шен йоь1ан к1анта гулъеш, д1аязъечу назмашка ладоьг1уш.Цхьаьна тишачу тептар т1ехь вовшех тесна яра шен уьш,дуьйцу Дас.5-чу классан дешархо волуш язйина дуьххьара,цулт1аьхьа массийтаза юха язйина уьш Дас.Т1аьххьара куьйга зорба тептар 1981 шеран ду.Цу юкъара ю ас кху чу йохкуш йолу назмийн кийсигаш.
Валар диц мА де , валаро хьо виц вийр вац.
Назам
1
Зубайричохь Дауда хьан куьцаш дуьйцуш,
Товратна чохь Мусана , хьан возалла гуш,
Инжилехь 1ийсас, хьайх хаза кхаьънаш дог1уш,
Веар-кха хьо, Элча хилла, я Муххьаммад.
3
Г1ийлачуьнца , налха санна , к1еда волуш,
Мостаг1чуьнца, ша лом санна , майра волуш.
Дехначунна , г1а-буц санна, кийча волуш,
Веар-кха хьо, Элча хилла , Я Муххьаммад.
4
Акхароша шайн баланаш хьоьга балхош,
Эмкало шен г1айг1а говза хьоьга ялхош,
Масаро шен к1орнин бала хьоьга буьйцуш.
Веар-кха хьо , Элча хилла ,Я Муххьаммад.
5
Хьайн ц1ийнан наха хьо хервина д1атесна,
Арарчу наха хьо везаш т1елаьцна,
Кхокхано,гезго, хьоьхо бертахь хьо ларвина,
Веар-кха хьо , Элча хилла, я Муххьаммад.
6
Къурайшаша хьайн Маккеха хьо ваьккхира,
Б1аьрг боьлхуш , Мединате хьо вахара,
Мединато хьо къобал вина т1елецира,
Веар-кха , хьо Элча хилла, я Муххьаммад.
7
Мединатан лаьттахь хьо кхоьллинера,
Цундела хьо Мединато къобал винера,
Воьрзу меттиг хьан Мединатахь хиллера.
Веар-кха хьо, Элча хилла, Я Муххьаммад...
Свидетельство о публикации №112013004246
С любовью,
Таня Дедич 30.01.2012 22:39 Заявить о нарушении
Уверена, что ты справишься с арабским. Интересно, а твой отец знал арабский?
Бегу на работу, вечером еще напишу,
Обнимаю!
Таня Дедич 31.01.2012 11:04 Заявить о нарушении