Исламан сирлачу нийсачу новкъа

(Кадыров  Ахьмад-Хьажа дагалоцуш)

Исламан сирлачу нийсачу новкъа
Ахь хьалхатоьттура кхиамца халкъ,
Къуръанан сийлахьчу аятийн г1оьнца,
Сатуьйсуш толаре Дахарехь  Бакъ.

Къабилан зуламе т1аьхье ю  дебаш,
Ойлаеш схьалаца дуьненан т1ам...
Царех цхьаъ карави,къинойх ца 1ебарг,
Эккхийтар а дина ,буо даккха  къам.


Кхин цкъа а  дегийра къизалло  латта,
Нохчийчоь,юха а ахь буохам лай.
Шен дика ц1е  юьсуш дахарехь  яккха,
Эхарта  д1авирзи  догц1ена  лай.


1ожалло Азалле дерзорах  Са хьан,
Дуьненахь лелар ду хьан ц1ийнан саг1а,
Къарйина,эшийна  диндоцу т1аьхье,
Ховшур  ду  адамаш  ийманехь  даха!

                2004 шо


Рецензии
Петимат, дорогая, только что читала в Википедии про Шейха Кунта-Хаджи, а также фрагменты его заповедей, переведенных с арабского... Потрясена... И как это знание прошло мимо меня? Впрочем, всему свое время. Теперь наступило время Великого Устаза!

Обнимаю тебя, сестренка!
Всех благ тебе!

Таня Дедич   25.01.2012 23:50     Заявить о нарушении