Бусулба паччахь
1алашдан, к1елхьарадаккха
Винера векал и Дала,
Бусулба дин парг1ат даккха.
Бераллехь, шовданал ц1енчу
Ойланехь васт х1иттинера:
Догц1ена адамаш маьрша,
Саг1ийца гойтурш комаьршо,
Уьш бара т1ех парг1ат,маьрша,
Т1ехь волуш нийсонан Баьчча-
Халкъан да-Бусулба паччахь!
И зама яц техьа герга???
Даьржийла-кх вайн махкахь беркат!
2004-2006 шо
Свидетельство о публикации №112012400298
Обнимаю тебя, солнышко мое!!!
Таня Дедич 24.01.2012 00:31 Заявить о нарушении