МаргIонех каетташ

Хьоьца яккхиначу
КIеззигачу ханна
МаргIонехь каетташ,
Туьранех тешам байна,
Хиллачу гIений
Кисакаш хIуьттуш,
Долчунах ца тешаш -
ЦIих Iийдало
Кийрара бIаьрхиш.
Жима дог аганахь техкош -
Зезаг доьжнийла
Къайла дохуш цуьнах...

Хьоьца тегна хилла
Ирса тай хаьдда,
Хьуна тIехьйоккхучу
ГIулч лорах хаьдда,
Кхайкхарх - лехарх кху
Дуьненахь хьо ца карош,
ТIам бойна хьоза санна
Йисна со лела
Хьох къаьстичхьана,
Сан хьоме НАНА.


Рецензии
Нана! Цуьнца дуьстича х1ара дуьне х1уммаъ йоцург ю-кх!
Дала декъал йолда хьан Нана ,Заира!
Доьжна-кх хьан дагт1ера зезаг!
Амма ваха везаш дуьне ду-кх х1ара!Дала собар-иман лойла хьуна а ,массо а ненах мел къаьстинчунна а!

Петимат Абубакарова   25.01.2012 23:06     Заявить о нарушении
Пет1мат, Дела реза хуьлда хьуна. Дала дукха бахабойла-кх болчарна наной!

Заира Ибрагимова   27.01.2012 12:26   Заявить о нарушении

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →