ша-шах дуьне кхолладелла

"Ша-шах  Дуьне кхолладелла  ,
Цуьнан  вац  -кха  цхьа  а  Да"-
Ч1аг1деш лелларш мел д1абевлла,
Дагахь а  доцуш , тоба  дан.


1еса  1илма  Лаьттахь  даржош,
Ерриг  1амал  цунна  еш,
Мел  лакхарчу  хиларх  даржехь,
Гуора,  зама кхаьчча -  леш.


1еса 1илма даржадинарш,
Дуьненахь  ч1ир  оьцуш  бу,
Лахьто а т1е  а ца оьцуш,
Къематденналц  1охкур  бу!

                2004


Рецензии