Ца оьшу нохчийн мотт хьеха школехь
Бохуш,дай-наноша шайн хьехарш до,
Шен мотт цалорушверг кхераме вуйла
Кхин долчу къаьмнашна,х1унда ца го?!
Дег1ан чалх денйийриг са деца,х1ай нах!
Къоманна са луш берг -бу цуьнан мотт .
Дендие вай дедайша дитина жайнеш,
Дайн г1иллакх д1атеснарг -ю еса ботт .
Мотт -иза седа бу,вайн къоман кхерчахь,
И баьгча,догуш ду хьан къоман дитт,
Массо а нохчочун х1усаман баьрчехь
Даим а бекийла вайн оьзда мотт !
Цу маьлхан з1аьнарех къегийла иза,
Цкъа а ца кхачадеш беркате нур.
Кхуьийла зезагех,ца дужуш заза,
Ирсаца кхалабеш дахаран мур!
Свидетельство о публикации №112010406055
Ма дуьхьара ца язйина-кх вай а царна дуьхьал стихаш: дийна болчарах аьлча - Шайхина т1ера дуьйна схьа... Х1ара сайниг а цу мог1арера ю:
НОХЧИЙН МАТТАХЬ
…Ас юха а сайн къамел дIадийр ду,
Къайлакхоьхьуш логах дуьйлу къурдаш.
Ас доIа а ненан маттахь дийр ду,
ТIегулбина нохчийн меттан мурдаш.
Iехош Дала хьаналдинчу декъах
Тхайн синошна чукIаргделла даьIнаш,
Токхур оха къоман сийлахь декхар,
ЮьхькIайн лоьхуш нохчийн меттан маьIна.
Кхеташ дуй тхо-м: тIера чан дIаэцна,
Тептар санна, юхакего боло
ТIаьхьалонна дIабиллалуш бац и,
Буьйцуш хилар – и бу цуьнан толам.
Цу кхетамах, дарба санна, ийна
Безачарна лезна и цабалар.
Цунах кхета тIаьхьависна Iийнарг,
Орцахвалий, тхуна юххевала.
Къилба тило хьийза бода хьаьъча,
Гур ду вайна, некъ вайн нийса хиллий.
Маьршадохуш даг чу хьийза кхаьънаш,
Аьр вай тIаккха нохчийн коьрта илли!
Адам Ахматукаев 06.01.2012 21:31 Заявить о нарушении
Лерамца,
Петимат Абубакарова 06.01.2012 22:59 Заявить о нарушении