1а ду арахь, амма стигал екхна
Дуьне ма-дду даржош цинцаш маьлхан,
Девли техьа дорцан мехаш хьекхна?
Дитташ а ду лаьтташ х1инцаъ цхьалха...
Гуьйренан цхьа бутт а лачкъош,хьалххе,
Хьоьрсуш дато дорцан буьртигаш,
Дог1уш, деана 1а буьрса,чолххе,
Д1адай, къовлуш мехийн бертигаш...
29.12.2011.
Свидетельство о публикации №111122907771
Мехийн бертигаш шен хеннахь д1а ца къовлаеллехь-м,
Дег1ах мЕхий дохуш санна, 1аьткъаш яра шело.
Ларамца,
Адам Ахматукаев 01.01.2012 22:34 Заявить о нарушении
Ларамца,
Петимат Абубакарова 03.01.2012 20:41 Заявить о нарушении