Х1орда йисттехь
Яржийна тулг1енийн кхес шен
Патаршца къар а деш лергаш
Аьрхачу говрех х1орд терса
Лайнчимаш,к1айн чопийн 1овраш,
Г1амарла йийшош луьста,
Т1ехьовдий ,берд мара къовлий
Тулг1енаш йовлу юьсттах.
Х1ордана т1ехула хьийзаш
Хьарг1ано до к1айн хелхар...
Лерехьа,бохий мох ц1ийза,
Тулг1енел хьалха ша лелхаш.
Де а ,буьйса а.
-Буьйса,хьан ц1е х1ун ю алахь?
Т1аьхьара ца долу Де,
-Буьйса ю-кха,гена далахь,
1аьржа кирхьа зарз ма де.
-Ткъа селхана хьан ц1е ярий?
Къар ца дала г1ерта Де.
-Селхана а Буьйса яра-кх,
Кхин соьга хаттар ма де.
Дийно курра цуьнга олу,
Мел самукъа шеха долу:
Шен доьзал цуо дагалуьйцу,
говза х1ораннах а дуьйцу.
Сан Да -Шо ву,суна везаш,
Нана-Бутт бу,цунна къежаш,
Батто кхобу х1ора де,
К1иранде ю церан з1е.
Оршот дог1у хьалхара,
Цунна т1аьхьа- шинара,
Дог1ий кхочу Кхааре,
Ткъа не1арехь- Еара,
П1ераска де-сирла 1ийда,
Шота юхаъ К1ире кхийда.
2011,16.12.2011
Свидетельство о публикации №111121700915