Юха а денлур ву

Кисанахь ловзучу шайнаша
Кхетамна ваьккхича гена хьуо,
Iехалуш самахчу гIенашна,
Хьовзор бу ахь керла хенагуо.

«Нийсачу» нахерчу бустамехь
Духар а далийна лартIе, ахь
Хьайн берийн хенара нускалан
Цхьа тайпа доккхур ду цIартIе а.

Кхаъ белла, балха дIахIоьттина,
Болар а, къамел а тодина,
Лелар ву, кепа чу воьттина,
Хьаналчу дегнашна муо бина.

Дозанал ара а баьккхина,
ЦIеношна пеннал бух буттур бу,
Хьийзош хьайн куьйга кIел баьхкинарш,
Хьаькамна муьтIахь чухIуттур ву.

Цунна тIе ламазаш дерзадеш, –
Цул деза ца гойтуш хIумма а, –
Цу Iамалх дахаран терза деш,
Дуьтур ду дуьненан суннаташ.

Цу «декъалхиларо» хьаьсттинчохь
Дахаро хьо юьстахкхоьссича,
Юха а денлур ву – хIумма а
Йоцучу хIуманийн умматехь.


Рецензии
Адам,ма дика язйина!!! Ма-дарра,говза,чулацаме,заманах дукха тера сонтачу адаман амал ястар го кху байташкахь!Дависа,деша хууш мукъна а белара ,шайх лаьцна деша,шаьш довза)))
Лерамца,

Петимат Абубакарова   03.01.2012 22:10     Заявить о нарушении
И хууш уьш белхьара-м, Пет1мат, царах лаьцна яздан вайна бахьанаш к1езгох хила там барий.

Адам Ахматукаев   04.01.2012 00:13   Заявить о нарушении
Бакъду-кх иза ,Адам.

Петимат Абубакарова   04.01.2012 12:46   Заявить о нарушении
Авторан исбаьхьаллин пох1ма а, цунна дахар дика девзаш хиларан билгалонаш а гойту х1окху говзаро. Дала т1аьхье беркате йойла! Лерамца

Ильман Юсупов   20.10.2012 14:01   Заявить о нарушении