Сан гIенийн дастаза маьIна
Хиллачу туьйранех юьйлуш,
Цхьа дажал вуссур ву баьхна
Зама сан гIенаш чу юьйлу.
Вайна цо кечбина бохам
Кхаж бу те йилбазийн баьлла?!
Синошна и далатохар
ХIинцале бале ма даьлла.
Са кIезга хиларна доцуш,
Са хьаьшна хиларна дуй и-м.
Бакъ-харцций, цецах чекх лоцуш,
Узуш дац я дош, я дуй а.
МозгIарна вайгахь ган тайннарг
АллахIан цIарах а баьрчче
Даккхалуш хилар а вайна
Хезна а, гина а даьлча,
Вай хIунда сихло те теша
ЦIуьхIарийн суьпачу кхаьънех?
Цундела дазлуш ду теша
Сан гIенийн дастаза маьIна?
Дуьненан букъ хьоьшу эрчо
Тидахь а дажалан цIарца,
Къинош-м ду вайна тIехьерчош,
Марз а деш АллахIан цIарца.
Свидетельство о публикации №111120110620
Синлазаме ду х1ора дош,1аткъаме а.Рифма а,ритм а,чулацам хаза цхьаьнаийна,мехалчех байт ю х1ара хьан поэзехь.
Хьан кхолларалла йоккха Синмехалла хеташ йолу,
Петимат Абубакарова 11.01.2012 17:16 Заявить о нарушении
Далла бу хастам, и йозанаш ган а, церан мах хадо а хьо йолуш!
Нохчийн литературехь хьан ц1е, малх санна, серлаериг хиларх цхьа а шеко яц сан!
Хьо хиларх воккхавеш,
Адам Ахматукаев 12.01.2012 13:29 Заявить о нарушении