Керла шо-Мухьарам
Х1ай сирла 1ийда,
Беркате хьаша-да
Х1усмашка кхийдаш.
Мискачу пекъарийн
Ирсан г1ап хуьлуш,
Тиллачу некъахойн
Иесан г1ов хуьлуш,
Дог доьхна лелачийн,
Бовха кхерч хуьлуш ,
Даймехках бевлачийн
Рицкъа ц1ахь хуьлуш,
Марша да ,Маршада,
Тхан деза 1ийда,
Хьо сайна мел деза,
Ца дуьйцу кхин д1а...
1433-2011
Свидетельство о публикации №111112700909