шеран муьраш

    *      *       *
   Шеран муьраш

Б1аьсте,аьхке,гуьйре,1а-
Цхьаьна цкъа а уьш ца 1а.
1аламан уьш бераш ду,
Т1аьхьа-хьалха лелаш ду.

Массарел ю хаза б1аьсте!
Ткъа 1а, хетарх, цуьнан десте!
Мехаш тедеш,дашош ло,
Б1аьсте гушшехь,цхьа к1адло.

Шен раг1 кхаьчча,йог1у аьхке.
Б1аьстено и ца йо бехке:
Дагца йоцуш цхьа а хьаг1,
Д1ало цуьнга сихха раг1.

Стигал хьулъеш,мархаш йог1у,
Арахь серса долу дог1а.
Шийла хуьлу 1уьйре-суьйре
(Вай юьйцург ю х1инца гуьйре)

Багара етташ шийла 1аь,
Дог1ий юхакхочу 1а.
Хаза хуьлу чимаш лайн
1аьнан мохо ловзош дайн…
               
Б1аьсте,аьхке,гуьйре,1а-                11
Х1оранне сатуьйсуш 1а.               
1аламо шен хаза нур
Кховдийна бу  х1ора мур .

                2003


Рецензии