Берийн б1аьргашца
Зазлахь лепа урамаш,
Сан дог дог1у хелхаяла,
Хезча иллин мукъамаш.
Суьйренаш мел сирла йог1у,
Х1ораннан дог деладеш,
Нохчийчоь хазъелла йог1у ,
Юг1уш бошмийн керла беш.
Хаза кхиъна Соьлжа-г1ала,
Массанхьа - хиш-апареш,
Сан дог дог1у илли ала,
Хьоме Даймохк хестабеш!
*** *** ***
Новкъахь лаьтта светофор,
Летош кхаабесан кор,
Вог1уш-воьдуш,сих ма ло,
Тидам бие, ца еш мало.
Нагахь леттий стогар ц1иен,
Ког ма баккха ,собар дие,
Серладели можа кор,
Х1инца а хьо д1а ма г1о..
Баьццара б1аьрг серлаболу.
Дехьавала,сихдай болар.
Свидетельство о публикации №111111202973