Нохчийн мотт
Маьлхан нур санна ,
Бехийла нохчийн мотт
Массо а ханна!
Беркате т1аьхье ло ,
Дика х1у санна,
Хьекъийла нохчийн мотт,
Бевзаш дуьненна!
*** *** ****
2005
Баххьаш стигал кхийда ,
Керла г1ишлош йоьтти.
Шайна чохь деш 1ийда,
Маьждигаш д1ах1итти..
Керла бошмаш- заза,
Массанхьа д1а доьг1на
Соьлжа-г1ала хаза
Еш хьалхачул тахна...
Берийн яххьаш лепа
Дагчохь синтем кхуллуш,
Г1айг1а,хьо ма теба,
Иэсан ларма толлуш.
Свидетельство о публикации №111110505676