Дуьне ду догуш

-Ц1е яьлла,ц1е яьлла!
Дуьне ду догуш,
Бохуш мохь  беттарца
Орца ду дохуш,
Т1аьххьара зама еш,
сихъелла йог1уш,
Бехкеверг  схьалоьхуш,
кхайкхайо  кхелаш...

Бехке  ву шаверг а тахна,
Къизалла яржарна вайна,
Къинхетам,хьо  мича бахна?
Ахь  муьлха  харцо  ца  лайна?

-Кхел хуьлда вай хьийзочарна,
Х1ара 1азап х1оттийначарна,
Ма-хуьллу дохку аш адамаш,
Юха а къизаллин  сардамаш,

ца оьшу кхайкхаян кхелаш,
Къизалло-м къизалла кхуллу
Цулле а  хьовсий  вай  дегнаш.
Хьаьг1нех д1ац1андина кхолла...


Вай цхьаъ ду,вай -тилладелла
Дуьненчохь эвсар а девлла
Кхоьллинчуо вай  туьдуш долу.
Эзарнаш б1ешараш девлла...

                1999


Рецензии