Шеран муьраш

  *      *       *
    Шеран муьраш

 Б1аьсте,аьхке,гуьйре,1а-
 Цхьаьна цкъа а уьш ца 1а.
 1аламан уьш бераш ду,
 Т1аьхьа-хьалха лелаш ду.

 Массарел ю хаза б1аьсте!
 Ткъа 1а-хетарх цуьнан десте!
 Мехаш тедеш,дашош ло,
 Б1аьсте гушшехь,цхьа к1адло.

 Шен раг1 кхаьчча,йог1у аьхке.
 Б1аьстено и ца йо бехке:
 Дагца йоцуш цхьа а хьаг1,
 Д1ало цуьнга сихха раг1.

 Стигал хьулъеш,мархаш йог1у,
 Арахь серса долу дог1а.
 Шийла хуьлу 1уьйре-суьйре
 (Вай юьйцург ю х1инца гуьйре)

 Багара етташ шийла 1аь,
 Дог1ий юхакхочу 1а.
 Хаза хуьлу чимаш лайн
 1аьнан мохо ловзош дайн…
               
 Б1аьсте,аьхке,гуьйре,1а-                11
 Х1оранне сатуьйсуш 1а.               
 1аламо шен хаза нур
 Кховдийна бу  х1ора мур .


Рецензии
Марша йог1ийла хьо, Пет1мат! Хьан стихашка а, гочдаршка а воккхавеш хьоьжуш 1аш ву со. Дала аьтто бойла хьан! 1абдулхьамидий, Абуссий вовшахтесначу гулар юкъахь хилларг юй хьо? "Стела1ад" журналехь а сайна хьан ц1е гича санна хета суна.

Адам Ахматукаев   28.10.2011 23:03     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна,Адам.Йоккхае со ,хьуна со евзина .
Лерамца

Петимат Абубакарова   29.10.2011 16:52   Заявить о нарушении