1 аламан ни1матех дуьйцина васташ
1 аламан ни1матех дуьйцина васташ,
И сбаьхьа декадеш мукъамехь назмийн,
Л ийрйоцу сийлалла маршонан хестош,
М а дагах кхета и хьан иллин аьзнаш,
А мат хьан диц ца деш,хьан ирсах тешна,
Н охчийчоь лаьтташ го,хьоьга сатесна.
Ю рт а ю догдоьхна,кхоьлина,г1ийла,
С агатдеш хетало дай баьхна х1усам,
У рамаш хетийца цхьа деса,тийна,
П анамохк хили хьан шоллаг1а х1усам,
О ти-сингаттамах юьзна ю ойла,
В ехийла махкана,хьо марша 1ойла!
Свидетельство о публикации №111102705224