Хазлур дуй те дахар?
Толур юй те г1ала?
Я и лаьттар техьа ,
Шеха хилла г1аларт?
Бакъ хилла те баьхнарг?
Берахь суна хезнарг,
Х1аллакхир ю г1ала,
Доккха ор шех хилла,
Х1ара-м дац те дийцинарг?
Г1ишлонаш -м чухерцийна..
1999
Г1алахь
Ког баккха-билла а меттиг яц,
Ткъарш-хатташ - массо а меттехь.
Дахар а тодала дагахь дац,
Нехийн ю г1аланаш юттуш
Д1атетта цхьа долу г1уллакхаш,
Диканна ара ца довлахь,
Д1адевлла дисина г1иллакхаш,
Хир дац кхин къам хилла гойла !
2002
Хьиййначу лаьттах д1аийна ,
Дег1-орам мурбала боьлча,
Бакъонан ков-стигал сийна,
Дуьненан харцонел тоьлча,
Сан СА хьо хир дац те декъала,
Даимна сийдарна хьекъалан!
*** *** ***
Дагчохь даим цхьа сатийсам беха
Д1а мел даьлларг хетта хаза г1ан..
Мацах цъа со хьох яларна 1еха,
Х1етахь дуьйна йийсар ю со хьан…
*** *** ***
Свидетельство о публикации №111101100498
jorsh k"yax' deshna du..
Sheg dolchung disna xig dukh g1ilkhash al sa tissa asam
Дашо Аргунская 03.01.2013 20:00 Заявить о нарушении