Муьстахиехь

                Муьстахиехь
Ровзанийн-зезагех  юьзина  аре,
Мерзачу  архьано яхийна  ойла.
Ма дукха хьежнера х1ара де  даре-
Дезашиъ лаарна самукъне гойла.

Хьийза уьш тайначу зезагийн арахь
Хан-зама  йицъелла,  полларчех  терра.
Лермонтов  бераллехь леллачу  г1алахь
Хьийза  уьш декхнийн а, зезнийн а боьрахь.
......................................

Дуьненахь малх мел бу,седарчий мел ду
Лаьттийла бакъ-безам церан нур хилла!
Цхьа йовхо,цхьа беркат ,царех бухдуьйлу,
Шовданах терра, вай синоша  муьйлу.


Рецензии