Доттаг1чунна Маккина
Хьо йовзар сан дагна ду доккха совг1ат,
Хьомсара доттаг1а, доттаг1а-йиша,
Массарна кхачаеш хьайн деган йовхо,
1ожаллин метта а кийча ю йижа.
Хьан дахар,хьан лелар мехала хета.
Хуьлда и седанел,малхал а сирла,
Сан деган ойланех хьо ч1ог1а кхета,
Хьо йоцуш хир дара сан яхар шийла.
Халоно йожийча,багийча кийра,
Йишел а чоьхьара хуьлий хьо х1утту,
Дуй буу,ца хета йишел хьо хийра,
Лаьар-кха хуьлийла хьо уллохь гуттар.
Доттаг1а боху дош цхьа к1еззиг хета,
Хьан синан аьхналла,дикалла гайта.
Даим а хилла хьо г1ийлачух кхеташ,
Хьакъ йолуш язйо ас хьуна сайн байташ.
1996
Свидетельство о публикации №111101100200