Нохчийчоь на чеченском

Иман доцчохь синтем боцуш,
Эвлаяъ воцчохь тоба доцуш,
Орца даккхал цхьалха висча,
Ас хьо Деле сайна ехна.

Къа латийча, къера хилла,
Халкъан гIайгIа хорам хилла,
Хьераваллал зама зийча,
Ас хьо Деле цIарца ехна.

Нана йоцчохь ненан воцуш,
Ваша воцчохь бакъо йоцуш,
Иэсах валлал жоьра висча,
Ас хьо Деле цIийца ехна.

Пана махкахь пана висна,
Малик делхар сайна дисна,
Эрна арахь эрна висча,
Ас хьо Деле сайна ехна.


Рецензии
Хьан йуй а ца хаара суна х1ара байт!вайн къоман поэцаьхь уггаре тоьллачарех цхьаъ ю х1ара!!!дела реза хилла,лема!

Арзу Банжаев   28.03.2015 14:55     Заявить о нарушении
Эрзу, баркалла хьуна довха дешнаш аларна! Дела реза массарна а хийла вайна!!! Лерамца,

Ибрагимов Лёма   26.04.2015 13:14   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 4 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.