Пет1а на чеченском

Орцадала! Орцадала!
Охьара – Чермойн лам тIе кхаччалц.
БIаьрго йоххол хаза ПетIа,
Сан безамна орцахъяла!

Жимчохь дуьйна гIийла баьгна
Ирсан седа серлабуьйлу.
Хьарам хиллал хьанал безам
Сан бIаьрсица гIарабуьйлу.

Сарахь суьйре ковра техкош,
Ховха сибат малхадуьйлу.
Вайшиъ вовшех хердан гIерташ,
Совра синош аьсхадуьйлу.

Орцадала! Орцадала!
Охьара – Чермойн лам тIе кхаччалц.
Орца деххал хьоме ПетIа,
Сан безамна орцахъяла!


Рецензии
хаз байт ю)
ковра бохуг х1у ду, Лема?

Дашо Аргунская   09.02.2013 21:51     Заявить о нарушении
ковра -ковр: караван дешан маь1нехь. Лерамца,

Ибрагимов Лёма   10.02.2013 00:10   Заявить о нарушении