Ойланаш

Сан ойланаш-карзахбуьйлу х1орд,
Нийсо,бакъо лоьхуш, б1аьрхих  лешна
Сатийсамца  доьду х1ора де
Йог1ург хиларх зама ,харцо  эшна
Тахна-м цуо т1едоьг1на  шена барзакъ,
Бакъо  юьтуш цхьалха,тийна,таь1на.
Амма шеко йоцуш, ю-кха  «Барзах»,
Кхетарш хир бу  сан ойланийн маь1нех.
Духарш дуьйцу х1инца "цхьаболчара"
Герз а карахь цкъа-м д1адахийтара.
Ма  ца теша  ши юьхь  йолучарех,
Таваккалту,ларъе  Аллах1  царех.
Духарш сина  дуоха деза  хьалха,
Валлай,т1аккха-м  ша-шах кхетар ву.
Вай  шадерш а тахна  дуйла  цхьалха,
Иман делахь ,  эхь а хетар  ду...


Рецензии
Xaz bajt ju. Vanax' so michax' lella tex', x1uncalc x'a bajtash ca gush))

Дашо Аргунская   03.01.2013 19:50     Заявить о нарушении
Дашо,дешнаш ала а хаьа хьуна дашо)))Дера йола сан аг1онт1е ,хьо йолчохь со а хир ю сих-сиха.)))

Петимат Абубакарова   07.01.2013 12:04   Заявить о нарушении
ej, x'o suon dukha "sovg1atash " dax'aj jean ma xilla.
Del reza xila x'uona, Petimat.
kest kest "gur ju "vajshi" Dal mok"lax)

Дашо Аргунская   07.01.2013 22:50   Заявить о нарушении
На это произведение написаны 4 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.