Заманах тера

Шу боккхуш нисйина
Ца хиларх сан байташ,
Сих ма луо уьш гайта,
Беламе яьхна…
Ойлаяхь хуур ду
Заманах тера дуй
Церан са-маь1на…
Со ала г1иртинарг,
Ойланца литтинарг,
Б1аьрхишца лийчинарг,
Оьмарех  хьирчинарг,
Ду-кха ас хьаьркашца 
           Дуьйцина,
Сайн деган йовхонехь 
           лийсина…


Рецензии