Дуьне доьхна...
Хьесапаш до иман доцчу наха,.
Дуьне доххол бахьанаш а дохуш,
Шайн къиношца кхиош «заь1ап» дахар
1алашонаш Мекарчуьнан х1иттош,
«Шейхаш» бевлла, шайна хетарг дуьйцуш,
Дуьне-кема деха Дахар луьттуш,
Б1ешерашца керла духар хуьйцуш…
И Д1адоьг1начунний бен ца хаьа,
Цунна йиллина чаккхеннан зама..
Дин хийцалуш юх-юха и доьхна,
Амма синойн дахар д1а ца дарна,
Дуьне даьхна, шеха хилла Эхарт.
………………………………………
Дуьне доьхна -доьхначеран Эхарт,
Доьхна- дохийнчеран Иман-г1иллакх,
Дуьне доьхна 1есачеран даим,
Ца дисарна Эхарте сатийсар,
Дуьне доьхна, дуьне доьхна церан,-
Массо ханна ши юьхь йолучеран!
Дуьне доьхна, доьхна дуьне церан,
Эхартах ца тешаш лелачеран!
2011
Свидетельство о публикации №111100307138