До1а дехара
Нана-Дег1аста,Догц1ена Нохчийчоь!
Хьан Маршоне хаддаза сатийсинчу
Дедайн лаам т1аьхьенашкахь бехара,
Цуьнца цхьаьна сийлахь до1а дехара...
Юх-юха а декара и раьг1нашкахь,
Юх-юха а хезара и лаьмнашкахь:
Аьзнашкара иллешка доьрзий ,
Ирзошка и даьржара,
Иллешкара мукъамашка доьрзий ,
Аьрцанашка даьржара,
Мукъамашкара назманашка доьрзий,
Аренашца даьржара,
Назманашкара зуькаршка доьрзий,
Ламанашка даьржара,
Зуькаршкара до1анашка доьрзий,
Шовданашка даьржара ,
Шовданашца цхьаьна ийна,
1аьрчашка доьрзура,
1аьрчашкара юха а
Лаьмнийн кийра доьрзура...
Юха а кхуьура беркате х1у,
Ца дуьтура диеба маьрша х1у…
Свидетельство о публикации №111100307001