Цхьа хан хуьлу

Цхьа хан хуьлу
Хьо т1еоьцуш халкъо
Айвой,вазвой
Стигал хьалахьош
Юха керча тулг1е:
Г1ийбаташца ворий
Вуллу бехвой
Лаьтта буха хьо
Цундела ма теша
Цкъа а  хьо
 Хийцалуш ду
Заманан зеделларг:
Массарна а хууш долу бакъдерг-
Дуьненчу хьо волу, къанло,ле,
Юха веъна меттиг бац цкъа велларг.
    2005


Рецензии