Зайнди Джамалхановна

Зайнди Джамалхановна

Эрна дац хьан  вахар, эрна,
Ненан мотт айби ахь ломал.
Меттан х1у  кхиорна-дерна,
Баркалла, хьехархо  къоман.

Муьлха а дош нохчийн маттахь
Якъутийн,жовх1арийн мехха
Хеташ, ахь къахьийги дехха,-
Лаьцна некъ бацара атта.

Сатуьйсуш ни1мате гаре
Аьхна мохк,дайх дисна латта
Цуьнан са-мотт барна нуьре
Хьан ц1е а лепар ю лаьттахь

Эрна дац хьан  вахар, эрна,
Нохчийн мотт г1атторна т1ома,
Хьо винчу ненан сий дарна,
Хьох хир ву турпалхо къоман.


Рецензии
Зайнди дийцарш санна хаз ю байт

Мутуш Танов   27.10.2011 19:21     Заявить о нарушении