Йовлакх дуьйцу

Йовлакх дуьйцуш,цунах вина мостаг1,
"законашца" и ца доху бохуш,
керла дахар хаьржинарш шайн доттаг1,
холчу х1иттина бу орца дог1уш.
..................................
Леладойла луъчо шена хьакъдерг,
Йовлакх лелор -къоман 1адат ду,
Цхьаммо  дийца дезаш доцу бакъдерг,
Къуръано а т1еч1аг1дина  ду.

Конституци шайна  лиъча хуьйцу,
Конституци - нехан  1едал ду.
Дала кху  дуьненна  векал  дина
1илма,1едал -Деза  Къуръан ду.
Забурна,Товратна,ва Инджилна
т1ера дуьйна и ду сийлахь Дош,
къамел ду и,шеко йоцуш,Делан,
Элча-мух1ар х1оттош делла схьа.
Аллах1-Дала Бакъдош  толадойла,
Элчан умматах  къинхетам бойла.

                1428.


Рецензии