Г1иллакх

Дуьне_1алам ша кхоьллина ваьлча,
Ялсаманеш ша йоьттина ваьлча
Цу г1иллакхе омра дина Дала
Нахана хьо юккъе деза дала.
Ялсаманин хьаша долу г1иллакх
цхьа ч1ог1а  дог доьхна боху хилла
 Ма даккхахьа ялсаманих аьлла
 Иза Кхьоллинчунна хьастаделла.
Т1аккха ч1аг1о йина  Дала,боху:
Сан Возлора доха хьо ма доха,
Цу дуьненахь оьзда болчу нахех
Хьо  хилар ду  ялсаманин  дог1а.


Рецензии