Шекспирах тардина

Шекспирах тардина.


Ойла  матте  яккха  сих ма ло,
Ткъа кхиаза  ойла,х1етте, ларъе
Адамашца куралла ма е
Цабезам,хьаг1 генна эккхае
Доттаг1ашца хила тешаме,
Дашо  тешца  дуца гергарло
Мостаг1 вовза  даим хила  кийча
Дика доттаг1 цахилар бу эшам
Девнах ларло,амма даьллий дов,
Юхмавала ,кечье сихха  г1ов,
Мотт ларбарах,ма кхоаде лерг,
Ладог1ар ду   вайна оьшуш дерг,
Хьайна  хетарш хьулде,
Нехан-ггулде…
Духар тега совдерг доцуш хаза,
Ах бедаро во эрна ца аьлла.
Уггаре а хьалха лара хьуо
1емар ву хьо ,шеко яц, нах лара.

                2003 шо


Рецензии