Сан илли

Далахьа, сан илли, кхоллалой, т1ома!
Коьртера ойланаш д1ататтий гена.
Хазаде сатийсар маршоне къоман,
Хаийта, юйла хьайн 1алашо даим-
Харцо а, г1ело а, зулам а иэшор.
Кхин а бу сан иллин сирлачех лаам-
Массо а адаман ирсе сатийсар.


Рецензии