Хенийн муьраш

Бераллица-б1аьстенца,
Нана-1алам хьостуш,
Хазло дуьне ханна,
Гуттаренна санна.

Къоналлица-аьхкенца,
Кийрахь дог а кхехкаш,
Лела даккхийдераца,
Дуьненаца техкаш.

Басца тарлуш гуьйренах,
Х1оьттича г1еметта,
Шераш-г1аш мел эгарах
Вахарах кадетта.
               
Ткъа шийла 1а-къаналла
Кхочу эшош доьналла,               
Т1аккха а ца къарло са-
Цуо б1аьсьтене туьйсу са.
               


Рецензии