Дато бутт
Бина-те
Детих хьо
Ятийна и маьлхан серло?
Дашо малх,
Бина-те
Деших хьо,
Дашийна и беттан нур?
Седарчий,шу ду-те
Кхоьллина
Сий дайта цу маьлхан,
Беттан?
Ткъа буьйса,алахьа,
Хьо мукъне юьйцина
Стенах?
Я гушдерг шадерг а
Ду-техьа г1енах?
Свидетельство о публикации №111092703400