Со х1инца кхийти хьох

 Х.Б.
Со х1инца кхийти хьох,
 Со  х1инца кхийти:
Лерехь ду хьан майра аз.
Хала ду харцонехь ваха
Ма дош дац маршонза дахар.
Делахь а лаьа тешаян хьо,
Даггара тешарна со а,
Йог1ур ю,кхочур ю и ирсе хан,
Байттамал бохур ду вайн ямартхоша
Кхуьур ю Нохчичоь, буссур бу тешам
Бакъдолчу  сийлахьчу Къор1анах,жайнех.
Уммат д1ах1уттур ду седий-бутт  къагош
Зуламна г1аьттинарг шен ц1арца вагош.
Тулур ду,йоккхур ю и Делан маршо.
Эт1ор ду иблисан питане марчо.
Дела цхьаъ виначу тобанех хир ду,
Элчано хаьржинчу умматах хир ду,
Хилла вац,хир ма вац
 Цуьнан кхин накъост
Бохуш схьадеъна кост
Дицдийр дац цкъа а .(Далмукълахь)

                март  2005


Рецензии
Дала аьтто бойла хьа.

Баги Чароев   25.09.2011 21:59     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда хьуна ,Баги!

Петимат Абубакарова   25.09.2011 22:19   Заявить о нарушении