Нана
Хьан дикаллин доза дац.
Нана, еза хьо массарна,
Хьо йоцуш дерг дуьне дац.
Г1ийла кога ага техкош,
Мел яйира буьйсанаш,
Мерза-къаьхьа г1енаш къехкош,
Иллешца со йижаеш.
Ялсамане боьду некъ а
Хьан когашкахь гайтина.
Дахар кхолла векал йина
Ю-кха хьо яийтина.
Нана, Нана, хьоме Нана!
Нур духьо сан дахарехь,
Хьох яьлла ца йисчахьана,
Ловр бу муьлхха беза мохь.
Нана,Нана, дика Нана!
Хьан сийлаллин доза дац.
Дахар тала со 1амийнарг,
Хьо ца еза бахьна дац.
*** *** ***
1уьйренаш лоьру цуо,
Суьйренаш лоьру-
Саг1ина х1ума луш,
Доьзална т1ера.
Г1айг1анаш къуьйлу цуо,
Баланаш къуьйлу
Дагахь вас ца къуьйлуш,
Юьйлу къинт1ера…
2000
Со йитийша
Шаьш со парг1ат йоккху аьлла,
Суна маршо ло шаьш аьлла,
Маршонан хьаьттара эккхи,
Дуьнен хьалха 1ораяьккхи.
Ца оьшур-кха,
Ца оьшур-кха.
Реза яра-кх йийсар хила,
Сайн Адамах йозуш хила,
Къуръан довззал 1илма хиъча,
Доьзал кхиъол хьекъал хилча ,
Тоьур дара-кх,
Тоьур дара-кх.
Со геналле хьоьжу боху,
Со уьншаре кхийда боху,
Уьншарера г1иллакх дезча,
Азаллера 1адат эшча,
Сан бехк буй ткъа?
Сан бехк буй ткъа?
П1ендарх Дала йина хилча,
Адамах со йоьзна хилча,
Цунах Эхарт дозуш хилча,
И доцург дуьне ца хилча.
Со йитийша,
Со йитийша..
1430-2009
Мухьаррам-январь.
Свидетельство о публикации №111092505261
Со уьншаре кхийда боху,
Уьншарера г1иллакх дезча,
Азаллера 1адат эшча,
Сан бехк буй ткъа?
Сан бехк буй ткъа?
Пет1мат, Дала аьтту бойла хьан!
Хьан говзалла кхи а са йоккхийла Дала!!!
Ларамца.
Аза Атагинская 29.09.2013 01:32 Заявить о нарушении
Массерана а Дала аьтто бойла !
Жоп ца луш хьеяларна бехк ма билла,цхьацца бахьанаш девлла йисинера.
Ларамца
Петимат Абубакарова 23.11.2013 20:01 Заявить о нарушении