1алам, б1аьсте
Б1аьсте ю йог1уш, б1аьсте ю йог1уш,
Б1аьсте,б1аьсте! Ян маьрша хьо!
1аламан беркатийн даьсти ахь дог1а
Хетийца кхушара цхьа башха хьо.
Хаза кхаъ кхаьчна ,самукъадаьлла,
Охьахьаьдда татолаш-хиш.
Зарзарш до хелхарш, самалхадаьлла,
Т1аьхьара лоькху исбаьхьа йиш.
«Гур-гур-гур» бохуш, кхокхий дека.
Ткъа лерехь - хьозийн зевне «ч1и-р-р».
Жил-1алам денделла, заза эга
Йовхо луш лепа маьлхан нур.
Б1аьсте ю йолуш. Б1аьсте ю текхаш,
Даржадеш сийначу дарийн кир.
Цунна бен хуур дац духар тега,
Шунашна йоккхуш баьццара тир.
… *****
Б1аьсте, я хъо могаш-маьрша ,
Дахьаш шортта беркат-ирс.
Дуьнена т1ехь баржош машар,
Т1амна хьееш луьра ч1ир,
Кхин ца дохо дегнаш берийн,
Жил1аламо ч1аг1о еш,
1енош маьрша заза генийн,
Массанхьа и даржадеш.
Б1аьсте, йолахь цкъа мукъане ,
Хьостуш нана-Нохчийчоь,
Ма хир дара-кх самукъане ,
Дог ца тоь ,сатуьйсуш хьоь.
*** *** *** ***
Довза 1алам!
Олхазарш ду,бераш,тахна,
Вайна ч1ог1а оьг1аз дахна,
Ца хаарна ц1ераш шайн,
1алам д1атасарна вай.
Дитий тайнигашца ловзар,
Арадовла - 1алам довза,
Же ма 1елаш, каде хьовза,
Къастор ву шух ,вериг говза.
Хьанна девза леча,маккхал,
Г1ирг1а,дарта.хенак1ур?
Хуучара , кхин ц1е яккхал,
1алам дезарг- вайна гур.
Алал ,х1ун ю к1айдарг,баппа,
Ц1ен-лерг,алзам,алц1езам,
Х1ун ю т1аккха хьайба,шаптал,
Динберг,ц1азам,боьразам?
Хаьий шуна х1ун ю экха,
Салор ,д1ама,бецапхьид?
Евзий шуна ту-сай,текхарг,
Набард1ама,уьнт1апхьид?
Дийцал аша, х1ун ю сосакх,
Тарсал,г1ела, ц1оькъалом ?
Хезний ц1ераш-тоти,тодакх,
Дингад, була,шаткъа,лом?
Сан доттаг1ий, хьоме бераш,
1алам дицдай кхин ма 1елаш.
Кхин цкъа иза оьг1аз додахь,
Цуо т1ехоьцур бу шен бода.
Свидетельство о публикации №111092300687