Назманаш

                Д1аязйина 12.02.1981 шарахь Абубакаров Зайндис.








                Назма

Дела динна накъост хилла
Элчанан дашца нийса хилла
Зах1ира нур шена делла,
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Иманан малх шеца болуш,
1илманан х1орд мелла волуш.
Бакъонан тур буйнахь долуш
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Ислам дендар Деле доьхуш,
Сийлахь Элча дукха везаш.
Шен устазе кхойкхуш воьлхуш ,
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Майра байракх хьалха лаьцна.
Шен хьекъало беркат эцна,
Шен маттаца вай 1амина,
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Хьехаме таж шегахь долуш,
Бакъ хьехаман таж шен йолуш.
Шаьш ийг1инарш берта балош,
Наб кхеттариш хьалаг1иттош,
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Дала бохург вайна  далхош
Талмаж хилла ша кхетадеш
Ша тиллариг метта валош
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла

Б1арз веллариг шар1ий ийзош
Къар веллариг сама вохуш
Ша толкха вериг дашца нисвеш
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Валар къахьо хир ю бохуш
Эхарта некъ карла бохуш
Деле верза кечло бохуш ,
Ма сийлахь ву хьо 1илман ох1ла.

1алам вериг хасто веза
Цуьнан куьцаш дийца деза,
Везаш пайда эца беза,
Ма сийлахь ву 1илман ох1ла.

Вовшийн хьахош дийца г1ерташ.
Дакъазбевлла г1ийбат дийриш.
,
1ехабелла дуьне дезаш,
Ца везнариш 1илман ох1ла.



   Назма


Масаний паччахь ву
 Хиларо 1ехийна,
Цулт1аьхьа шозлаг1а
Валаро  хадийна.

Валар ду массарна,
Къен-миска вуьтур вац,
Дохнан да ву аьлла,
1ожалло вуьтур вац.

Долу г1а ва санна
вежарий кхуьур бу ,
Дужу г1а ва санна,
Уьш нилха бийра бу.

Элаца некх санна
Доьзалаш кхуьур бу,
Эла велла некх санна,
Шолг1а уьш бухур бу.


Рецензии