Г1енийн лорах

    Г1енийн  лорах


Дагна 1аткъам-Цхьалла,
 Са а тосий- лалла,
Сино хоьцу т1емаш,
Илли яздан 1емаш.
Ца карадеш хьаьркаш,
Ойла керча юлу.
Доьллий синан б1аьргаш,
Дег1ах къаста юлу…
Долало са кхарста,
Дег1ах парг1ат долий:
Г1енийн уьйриг босту
Малик хьалха  долий:
Кхочу ялсамане-
Дашо стоьмаш баа;
Дуьне-к1урк1амане
Юха ган ца лаьа!
Паналлехь и лела, 22
Шеха тарлой эла-
Къайленийн теш хуьлий,
Церан лай  а  хуьлий…
Ког теснача санна,
Ойла гал а йолий,
Делан маь1аргонна-
Сидикъ* къайладолу…
Д1адов т1аккха г1енаш,
Чиркхех терра ,г1ийла…
 Хеда  дато з1енаш,
Маликашца хилла…



*Сидикъ-г1енаш гойту Малик.
*******************************
      


Рецензии