Дависа хьо маца кхачалур техьа

Дависа хьо маца кхачалур техьа
Иблисан шаддашца йихкина зама?
Нохчий бу отуриш сехьа а,дехьа…
Йоьлхушерг юха  а ю нохчийн нана.

Т1аьхьара зама ю т1екхаьчнарг олу,
Герга ду вайн горга дуьне д1адала,
Яхьйолчу к1енташна  хьох хилла йолу
Боккъал а йийцина т1аьхьара зама.

               
Я Аллах1, Умматна орцаха вала,
Исламан нуьраца литтахьа дахар.
Нийсачу кхелаца   лацахьа бале
Шалхоерш,цабешарш мискачу  нахах.

Я Аллах1,ларамза летинчу къинойн
Къа-бала д1аэций,дахахьа маьрша.
Хьан доьхьа эгначу сирлачу синойн
Г1азота доьхьа мохк баккхахьа маьрша!

Я Аллах1,хьан ц1арца миска халкъ доьхуш,
Элчан  некъ лелийнчу  Устазийн  доьхьа,
Исламан сирла нур Дег1астахь даржош
Леллачийн дуьхьа тхан  мохк  декъалбехьа!


                2005 шо


Рецензии
Пет1мат, ас сайга хаьттича х1ара ши стих шашах йокхар яр.Дала аьтто бойла хьан.

Баги Чароев   25.09.2011 22:23     Заявить о нарушении
Баркалла,хетарг аларна,д1анисйийр ю ас,дикка х1окху системах кхетта яц со х1инца а.
Лерамца

Петимат Абубакарова   25.09.2011 22:24   Заявить о нарушении