Сатийсам

  Ненан цхьаъ бен воцчу к1антана(Товсултанов Сайд-Мохьмадна)

«Садаре са х1унда туьйсу,
Са хиларе са х1унда туьйсу,
Ца гун  волу нанас винарг,
Хьо гаре са х1унда туьйсу?»-
Бохуш, Бабас баьхна илли
Сан иэсехь и х1унда ду-те?

Дависа хьан, г1ийла илли,                18
Юх-юха  хьо эшна хили,
Ваша воцуш йисна йолчу
Йишех терчу Нохчийчоьнна.
Т1ех догц1ена  хьо хиларна,
Питанхоша 1ехайо хьо,

Юьтуш цхьалха, к1ентех яьлла-
Бехк болчех а, бехк боцчех а…


К1ентий ма сов ца бевллера-кх-
Т1епаза шаьш къайлабевлларш…
Доьху, доьху, Аллах1-Дела,
 Сатуьйсучу нанойн дуьхьа!
Церан дуьрчу б1аьрхин дуьхьа
Дайх дисинчу иллин дуьхьа,
И хезначу лаьмнийн дуьхьа
Кост а доцуш, байначеран
Рицкъа ц1ен т1е дерзадехьа!!!

2004 шо


Рецензии
Дика стихаш ю, Пет1амат! Дала аьтто бойла. М.Я.

Ильман Юсупов   21.09.2011 22:36     Заявить о нарушении