Ло оьгу, ло оьгу

                1аьнан   лорах
Ло оьгу, ло оьгу…
Чимаш ду къиэгаш,
Хьуьнаре хьийзарца
К1айн маша буцуш,
Ло оьгу,ло оьгу,
Кораш т1ехь сиэгаш
Пардо ду ж1амаршца
Туьйранаш дуцуш.
Ло оьгу,ло оьгу,
1алам ду дегош,
Цу к1айчу кхакханан
Кетар т1еийзош.
Ло оьгу,ло оьгу,
Тоьур ду хьегор
Цуо шеха 1а-нана,
Г1ура т1ехъезарг.

       ***   ***   ***   ***   ***   ***


Рецензии