Замане

Шерийн билгалонаш юьхь т1е оьгуш,
Кортошна т1е юьллуш къоьжа йис.               
Денна-де,ткъа шарна шо т1етоьгуш,
Едда йоьду зама,йоьхна йиш


Сингаттамаш,дагахьбалам,1ийжам,
Б1ешерашкахь аш бо шога некъ.
Мекха зама,ахь д1айилли,тийжаш,
ХХ1-чу кху оьмаран не1.


Хир дац техьа дог1у б1ешо мукъне,
Дерриг халкъаш хуьлуьйтуш самукъне?
Тоьур дара-кх,хьелаш къуьйсуш лиэтар,
Мегар дар-кха тола хьекъал,кхетам.

           *            *          *                2000 шо


Рецензии